День учителя
05.10.2018ХЬОМСАРА БЕЛХАН НАКЪОСТИЙ!Ас даггара декъалдо шу Хьехархойн денца! Лаьа могаш-маьрша а, ирсе а долуш Дала шу дукха дахадойла! Хьехархо бохург доккха х1ума ду. Дала г1азот къобалдойла цуьнан, НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ХЬАЛХАРА ПРЕЗИДЕНТА КАДЫРОВ 1АБДУЛХЬАМИДАН АХЬМАДА
«Хьехархочо кхуллуш ду къам» олура. Иштта дан а ду иза. Коьртачу декъехь хьехархочун белхан дикаллех, бераш нохчийн амалехь кхетош-кхиорах йоьзна вайн къоман кхане. Хьехархочун болх 1аламат хала а, цуьнца цхьаьна сийлахь а бу. Мукъа хан янне а яц ала мегар ду доггах къахьоьгуш волчу хьехархочун. Амма шун берашца тасалуш йолу доттаг1аллин уьйраш, церан аш шайца бечу балхах самукъдалар, кхано шаьш даккхий хилча цара олуш долу баркалла стенан меха ду! Мел хала шайна делахь а, и дагахь долуш къахьоьгу аш цаьрца. Ас кхин цкъа а декъалдо шу шайн корматаллин денца! Дала аьтто бойла шун массо а х1умант1ехь!