«НЕНАН МОТТ – КЪОМАН ХАЗНА»
17.02.2022Чиллан беттан 17-чу дийнахь, школехь д1айаьхьира «НЕНАН МОТТ – КЪОМАН ХАЗНА» ЦIЕ ЙОЛУ РЕГИОНАЛЬНИ ЭТНОГРАФИН ДИКТАНТ.И г1уллакх вовшахтохар нохчийн маттана лерина дара. Коьрта 1алашо йара "мотт уггаре а исбаьхьчу а, хьалдолчу а, хазачу а меттанех цхьаъ" хилар довзийтар; яздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; ненан матте безам кхиор а.