Винчу денца даггара декъалво

23.10.2020

Винчу денца даггара декъалво НР дешаран а, 1илманан а министр @i.baysultanov_95 Идрис Хасаевич! Хьехархойн хьал девзаш, дешаран-хаарийн хьал къепе 

дерзорехь, лакхадаккхарехь хаддаза къахьоьгу ахь. Хьайна хьалха х1оттийна декхарш лаккхарчу т1ег1ан т1ехь ахь кхочушдеш хилар б1аьрла ду массарна а. Дешаран хьелаш кхолларехь дей-буьйсий доцуш хьан къахьегарца баккхий хийцамаш хилла школашкахь. Лаьара даггара ала, лераме Идрис Хасаевич, могуш-маьрша а волуш, массо а вочу х1уманах ларвеш, 1алашвеш, айхьа х1оттийначу 1алашоне Дала кхачавойла хьо! Балхахь кхин а баккхий кхиамаш хуьлийла хьан. Дала беркате дойла хьан шераш! Зовкх ду-кх хьо санна болу к1ентий Нохчийчохь хилар!