Нохчийн зудчун де

18.09.2019

Ассаламу Iалайкум!2009-чу шарахь, нохчийн зудчун дозалла гойтуш, цуьнан сий-ларам беш, х1ора шарахь сентябрь беттан кхоалг1а к1иранде Нохчийн зудчун де хир ду аьлла шен омрица д1акхайкхийна 

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЬЙГАЛХОЧО, РОССИН ТУРПАЛХОЧО АХЬМАД-ХЬАЬЖИН РАМЗАНА. Вайн къоман сийлахьчу деношна юкъахь йоккха меттиг д1алоцуш де ду иза. Дийцина ца валлал лакхара бу нохчийн зударша вайн къона чкъор кхетош-кхиорехь, социальни дакъа, культура кхиорна юккъе юьллучу башхачу хазнин мах. Дахаран дерриге а дакъошкахь шайн ницкъ, хаарш ца кхоош доггаха къахьоьгуш бу вайн наной, йижарий. НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ХЬАЛХАРЧУ ПРЕЗИДЕНТА, РОССИН ТУРПАЛХОЧО IАБДУЛХЬАМИДАН АХЬМАД-ХЬАЬЖАС ма-аллара, вайн сирла кхане кегийрхошкахь ю. Царна 1илма 1аморехь къахьоьгуш, вайн дайша лелийна хаза г1иллакхаш хьоьхуш, кегийрхойн ненан маттаца, бусалба динца йолу уьйр-марзо латтош, нийса дерг гойтуш, оьзда дерг марздеш, баккхийчу кхиамашца болх беш бу нохчийн хьехархой. Вайн х1усамашкахь кхерчан йовхо латтош, массо а х1уманна г1айг1а йолуш, к1еда-мерза, аьхна, ховха, экаме бу вайн наной, йижарий, зударий, йоь1арий. Ас даггара декъалбо берриге а хьехархой Нохчийн зудчун дезачу денца. Везачу АЛЛАХIА аьтто бойла шун массо а х1уман т1ехь. ДАЛА собар, доьналла лойла шуна кхин д1а а вайн кегийрхой хааршкахь совбахарехь, яхь йолу, хьекъал долу доьзалш кхиорехь, кхерчашкахь йовхо, аьхналла латторехь. Цкъа а б1аьрг ца боьлхуш, дегнаш ца 1ийжош, т1еман къизалла ца гуш, ирс долуш дехийла шу массо а!